Кхузахь дуккха а хIуманаш ду вайн ийман чIагIдеш чIагIолехь и совдоккхуш


с. 1

ИСЛАМАН НИЦКЪ


Кхузахь дуккха а хIуманаш ду вайн ийман чIагIдеш  чIагIолехь и совдоккхуш. ТIакхха вай герга хуьлу вешан далла.

 ХIокху хIумнех ду :

  АлахIа - цIена ву И - кхоьллинчу хIумнийн ойла яр.

Вайна гонаха долчу адаман, хьайбанан, ораматан, чохь садоцчу хIуманийн, лаьттан, стигалан, лаьмнийн, иштта кхечу хIуманийн ойла ярца.

АллахIа-беркате ву И-аьлла: «Баккъалла а, стигланаш, латта кхолларехь а, буьйса, де хийцадаларехь а хьекъалш долчарна билгалонаш ма ю (АллахI ницкъ болуш а, цуьнан элча бакъ а хиларан). АллахI дагахь латтораш (Иза виц цавийраш, И хьехош берш) бу уьш ирахь, хевшина, агIорбевлла. Ойла еш берш бу стигланаш, латта кхолларехь - тхан дела, эрна (забаренна, бегашийна) кхоьллина ма дац Ахьа хIара - бохуш. (Хьоьца там боцчу хIуманах) цIена ву Хьо. ТIаккха тхо жоьжахатена Iазапах ларделахь». (Áл-Iимран:190-191).

  АллахI - беркате ву И - хьехор, Цунна Iибадат алсам а, дукха а дар.

АллахIа - беркате ву И - аьлла: «ХIай ийман диллинарш, АллахI гуттар дукха хьехаве, Iуьйранна, суьйранна Цунна тасбихь де». (Аль-ахьзаб: 41-42).

Къудсий хьадисехь АллахIа - цIена ву И - аьлла:

«…Сан лай суннат Iамалашца суна мутIахь хир ву, суна иза веззалла. ТIаккха суна и везча цуьнан хезаш долу лерг хилла дIахIуттур ву Со цунна, цуьнан гуш болу бIаьрг хилла а, цо шеца хIума схьаоьцуш долу цуьнан куьг хилла а, цо волалуш боккхуш болу ког хилла а. Ас дуй буу, нагахь санна цо соьга дехахь цунна лур ма ду аса, соьга ша ларве бохуш цо дехахь и ларвийр ма ву аса». (Аль-бухари).

  Ла илахIа иллаллахI, МухьаммадуррасулуллахI - боху дош дукха бахар.

Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: «Ла илахIа иллаллахI, вахьдах1у ла шарика лахI, лахIул мулку, ва лахIул хьамд, ва хIува Iала кулли шайъин къадийр» - уьттаза аьлларг ИсмаIила доьзалех (тIаьхьенах) виъ лай хьалха витнарг санна ву». (Бухари, Муслим).

IабдуллахIан кIант Супян - АллахI реза хилда цунна-пайхамар-IалайхIис-салам-волче вахана цуьнга аьлла: «ХIай АллахIан элча. Исламехь аса аьлча дика долуш  цхьа дош алахьа соьга, хьоьга бен цунах лаьцна аса хоттур доцуш». ТIаккха цуьнга пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: «Аса АллахIе ийман дилли - ала, цул тIаьхьа нисло». (Муслим).

Тоба дукха дар:

АллахIа-цIена ву И-аьлла: «Баккъалла а, АллахIана дукха тоба дийриш беза, цIанлуш берш беза». (Аль-бакъара: 222).

Пайхамара-IалайхIис-салама-аьлла: «Баккъалла а, АллахIа шен куьг буьйсана дIакховда до (даржа до) дийнахь вониг динчуьнга тоба дайта. Дийнахь Шен куьг дIакховда до Цо буьйсана вониг динчуьнга тоба дайта, малх чубузачера схьакхетталц». (Муслим). 

Пайхамара-IалайхIис-салам-иштта аьлла: «ХIай адамаш, АллахIе (шаьш динчу вонех дохко довлуш) тоба а де, Цуьнга гечдар а деха. Аса дийнахь-буса бIоьзза тоба до (шуна)». (Муслим).

  Iибадаташ ледарло цаеш кхочуш дар а, дихкинчу х1уманех ларвалар а.

Аль-Ихьсан (лерина а, дуьззина а дала бохург дар):

иза (пайхамара-IалайхIис-салам-ма аллара) «ахьа АллахIана хьайна И гуш волуш санна Iибадат (лолла) дар ду. Хьуна И гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву». (Бухари, Муслим).



Аллах1ан - цIена ву И - жайни тIе дукха хьежар,

цуьнан айатийн маьIнийн ойла яр, цуьнан омранашца Iамал яр, цуьнан дихкинчу хIумнех ларвалар.



МуьтIахь хиларна тIехь гIоден болу дика накъостий юххе бахар:

Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: «Муъманиг бен накъост ма лаца, делах кхоьруш волчо бен хьан юуург ма яийла». (Абу-Давуд, Ат-тирмизи).



Пайхамар-IалайхIис-салам-аьлла: «Дика накъост а, вон накъост а тарва мегар ду миск (IатIар) вовшах детташ (духкуш-оьцуш) волчух а, левсеца (пхьалгIахь) мох бетташ (болх беш) волчух а. Масала, миск лелош волчо я и лур ю хьуна, я ахьа цуьнгара оьцур ю и, я хаза хьожа етталур ю хьуна цуьнгара. Левсе лелош волчо я хьан бедар ягор ю, я цунаха буьйха хьожа етталур ю хьуна». Бухари, Муслим).

Ирезин Халид

с. 1

скачать файл